Таро йоцчу доьзалшкара цхьа эзар сов берана дешаран гIирсаш чохь болу тIоьрмигаш лур ду
Х1ора шарахь д1ахьош йолу «Бер школе кечде» ц1е йолу акци д1айолаелла Соьлжа-Г1алахь «Единая Россия» партин региональни исполкомехь. Иза доьзна ду «Керла школа» ц1е йолу федеральни партийни проект кхочушйарца. Цунах лаьцна хаам бина «Единая Россия» партин Нохчийн отделенин пресс-службехь.
Таро йоцчу а, дукха бераш долчу а доьзалшкара а, ОВЗ йолчу а, Украинехь лерринчу операцехь дакъалоцучеран а берашна д1абелла уггаре а оьшуш болу дешаран г1ирсаш чохь болу т1оьрмигаш. Уьш ду - канцтовараш, тетрадаш, труд а, суртдилларан а урокашна лерина г1ирсаш.
Дешаран т1оьрмигаш Нохчийн Республикин йерриге а районашкарчу берашна кху к1иранчохь д1алур ду. ТРК Путь