Нохчийн Республикин Муфтина Россин Бусалба нехан Мидал йаларца совгIат делла
Нохчийн Республикин Муфтина Межиев Салахь-Хьаьжина Россин Бусалба нехан Мидал йаларца совгIат делла. И совг1ат цунна делира Мариуполь-г1алахь рузбанан маьждиг схьадоьллучу хенахь.
«Йукъараллина г1уллакх дарна а, къаьмнашна йукъара а, тайп-тайпана динаш лелочарна йукъара а машар ч1аг1барна а Россин Бусалба нехан Мидал «Синан цхьааллехьа» йаларца совг1ат ло НР-н Муфтина Межиев Салахь-Хьаьжина»,- аьлла, йаздина ду Россин Бусалба нехан динан урхаллин а, РФ-н Муфтийн Советан а Председатела Гайнутдин Равила куьг йаздинчу Указехь.
Билгалдаккха деза, Мариуполехь долу маьждиг Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Региональни йукъараллин фондан чоьтах меттах1оттийна ду. ТРК-ПУТЬ