Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Межиев Салахь-Хьаьжас кхайкхина, вайн республике вогIуш ву Шайх Айман Рушди Сувайда

21 июля 2023

Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас кхайкхина, вайн республике вогIуш ву дуьненчохь Къуръан хьехарехь шуьйра вевзаш волу исламан Iилманча Шайх Айман Рушди Сувайда.   

Иза вай долчу кхайкхаран Iалашо йу: «ат-Таджвид аль- мусаввар» цIе йолчу Шайхан шен авторски программехула Нохчийн Республикехь Къуръан хьоьхучу хьехархойн говзалла лакхайаккхар.

Цу балхана лерина курсаш дIахьур йу  Нохчийн Республикин Бусалбанийн Динан урхаллин актови зала чохь. Карарчу беттан - июлан 24-чу дийнахь дIайуьйлайелла кхаа кIиранах лаьттар йу курсаш. ТРК Путь