Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Бенойн Ильяс Ахьмад- Юьртарчу «Хьаьжин беш» цIе йолчу динан хьаьрмахь дIавоьллина

25 августа 2023

Нохчийн Республикехь Шайхан Кунта-Хьаьжин 67 мурдан декъий д1адоьхкина. Уьш паччахьан 1едало шайн устазаца 150 шо хьалха махках баьхна хилла. Царна йукъахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзан-Хьаьжин пхоьалг1а да - Бенойн Ильяс а хилла.

«Еарин дийнахь оха, бусалба а, нохчийн а дерриг 1адаташ а лардеш, зуькар а деш, дайн лаьтте кховдийра вайн махкахойн декъий. Х1инца Бенойн Ильяс Ахьмад- Юьртарчу «Хьаьжин беш» ц1е йолчу динан хьаьрмахь д1авоьллина. Кхузахь, шен сийлахьчу устазаца Кунта-Хьаьжица хан йоккхуш, хазахетара цунна.

Нохчийн вукху 66 мурдан дакъа Шеларчу г1азотан кешнашкахь д1адоьллира. Цигахь паччахьан эскаран карах кхелхина Кунта-Хьаьжин мурдаш бу д1абоьхкина. 

Х1инца церан т1аьхьенах болчу нехан аьтто бу цу кешнашна т1ех1итта а, шайн дай дагалаца а», - йаздина Кадыров Рамзан-Хьаьжас шен Telegram-каналехь. 

Регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира, т1аьхьарчу шина шарахь НР-н къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министерствос а , НР-н историн-культурин т1аьхьало талларан а, 1алашйаран пачхьалкхан комиссино а боккха талламан болх д1абаьхьира Ростовски областехь, Нохчийчуьра лецна бигина бахархой д1абоьхкина меттигаш лоьхуш.

Талламан жам1ашца 67 нохчочун декъий карийра, царна йукъахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пхоьалг1а да Бенойн Ильяс а хиллера. Иза хилар билгалделира дуккха а талламаш бинчул т1аьхьа. Ткъа иштта Герасимовн методца йуьхьан сурт меттах1отторца. Кадыров Рамзан-Хьаьжин ден ден 1абдулхьамидан суьрта т1ехь леррина йинчу анализо цхьа а шеко ца йитира, таллам нийса бина хилар 90 % кхочуш ду аьлла.

Регионан Куьйгалхочо баркалла элира белхан тобанан куьйгалхочунна, НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочунна Таймасханов Г1аласана, НР-н 1илманийн Академин президентана Умаров Джамбулатана, НР -н къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадна, журналисташна, 1илманчашна, говзанчашна, цу балхахь дакъалаьцначарна массарна а. ТРК-ПУТЬ